Нохчийн мотт - нохчийн халкъан орам, къоман юьхь, аз, илли
Дуьненан къамнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а - иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду: уьйр, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам. Деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Ненан маттал деза х1ума хила йиш яц къоман кхолламехь, х1унда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ т1ер д1адов. Даймохк а ца буьсу цуьнан - къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду.